CHECHEN REPUBLIC OF ICHKERIA
Нохчийн Пачхьалкх Ичкери | Чеченская Республика Ичкерия
Нохчийн Пачхьалкх Ичкери | Чеченская Республика Ичкерия
VOCAL
|
INSTRUMENTAL
|
(in Chechen)
Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла тхо, Ӏуьйранна лом угӀуш тхан цӀераш техкина. Лаилаха иллАллах. Аьрзонийн баннашкахь наноша дакхийна, Тархаш тӀехь дой хьийзон дайша тхо Ӏамийна. Лаилаха иллАллах. Аьрзонийн баннашкахь наноша дакхийна, Тархаш тӀехь дой хьийзон дайша тхо Ӏамийна. Лаилаха иллАллах. |
(Transliteration)
Bűsanna buorz yexkaş düniençu dövlla txuo, Jűranna luom uġuş txaņ ċeraş texkina. Lailaha illAllah. Ärzuonīņ bannаşkaẋ nānuоşa daqīna, Tarxaş thieẋ duoy ẋīzuōņ dayşa txuo jāmīna. Lailaha illAllah. Ärzuonīņ bannаşkaẋ nānuоşa daqīna, Tarxaş thieẋ duoy ẋīzuōņ dayşa txuo jāmīna. Lailaha illAllah. |
Халкъана, махкана
наноша кхоьллина, Цаьршинна эшначохь, майра дӀахӀиттина. Лаилаха иллАллах. Ламанан лечарчий маршонехь кхиийна, Халонех, бохамех курра чекхдийлина. Лаилаха иллАллах. Ламанан лечарчий маршонехь кхиийна, Халонех, бохамех курра чекхдийлина. Лаилаха иллАллах. |
Xalq̇ana, maxkana
nānuoşa qöllina, Cärşinna eşnaçuоẋ, mayra djahittina. Lailaha illAllah. Lāmanaņ lēçarçī mârşuōnieẋ qiīna, Xaluōniex, buōxamiex kurra çiеqdīlina. Lailaha illAllah. Lāmanaņ lēçarçī mârşuōnieẋ qiīna, Xaluōniex, buōxamiex kurra çiеqdīlina. Lailaha illAllah. |
Мокхазан ламанаш
даш хилла лаларах, Дахарехь, къийсамехь яхь оха дӀалур яц! Лаилаха иллАллах. Бос Ӏаьржа ва латта молханах лелхарах, Тхешан сий доьхкина, тхо лаьтта доьрзур дац. Лаилаха иллАллах. Бос Ӏаьржа ва латта молханах лелхарах, Тхешан сий доьхкина, тхо лаьтта доьрзур дац. Лаилаха иллАллах. |
Mōqazaņ lāmanaş
daş xilla lālarax, Dāxarieẋ, q̇īsamieẋ yâẋ uoẋa djalur yâc! Lailaha illAllah. Buos järƶa va lâtta molxanax lielxarax, Txēşaņ sī döxkina, txuo lätta dörzur dâc. Lailaha illAllah. Buos järƶa va lâtta molxanax lielxarax, Txēşaņ sī döxkina, txuo lätta dörzur dâc. Lailaha illAllah. |
Тхо цкъа а цхьанненна
къарделла совцур дац, Ӏожалла, я маршо -- шиннех цхьаъ йоккхур ю? Лаилаха иллАллах. Йижараша тхан чевнаш эшаршца ерзайо, Хьомсарчу бӀаьргаша хьуьнаршна гӀиттадо. Лаилаха иллАллах. Йижараша тхан чевнаш эшаршца ерзайо, Хьомсарчу бӀаьргаша хьуьнаршна гӀиттадо. Лаилаха иллАллах. |
Txuo ċq̇ā a cẋanniena
q̇ârdella sovcur dâc, Jōƶalla ya mârşuō – şinniex cẋaə yuoqqur yu! Lailaha illAllah. Yiƶаraşa txaņ çövnaş ēşarşca yierzayuo, Ẋomsarçu bjärgaşa ẋünarşna ġittaduo. Lailaha illAllah. Yiƶаraşa txaņ çövnaş ēşarşca yierzayuo, Ẋomsarçu bjärgaşa ẋünarşna ġittaduo. Lailaha illAllah. |
Мацалло хьовзадахь,
орамаш дуур ду, Хьогалло тхаш бӀарздахь, бецан тхи мийр ду! Лаилаха иллАллах. Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла ду, Халкъана, махкана, Далла а муьтӀахь ду. Лаилаха иллАллах! Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла ду, Халкъана, махкана, Далла а муьтӀахь ду. Лаилаха иллАллах! |
Macalluō ẋovzadaẋ,
ōramaş duur du, Ẋuogalluō txaş bjârzdaẋ, bēcaņ txi mīr du! Lailaha illAllah. Bűsanna buorz yexkaş düniençu dövlla du, Xalq̇ana, maxkana, Dalla a müthaẋ du. Lailaha illAllah! Bűsanna buorz yexkaş düniençu dövlla du, Xalq̇ana, maxkana, Dalla a müthaẋ du. Lailaha illAllah! |